Сайд-Хьусен Сийлахь волчу вай Дала

Исполнитель: Сайд-Хьусен Длительность: 04:36 Размер: 8.44 МБ Качество: 256 kbit/sec Формат: mp3
Ну как песня, понравилась? Поделись с друзьями!

Текст песни "Сайд-Хьусен — Сийлахь волчу вай Дала"

Сийлахь волчу вай Дала

&&&

Сийлахь волчу вай Дала
Элчи кхолла ва лиъчи
Шен нуьраха нур эцна
Цу нуьре ша вист хилла
-
Шена везна Мухьаммад
Хьо хилла цу ма аьлла
Т1акха нуьрех дег1 хилла
Вай Элчи дах1оьттира
-
Сийлахь волчу вай Дала
Элчи возва ва лиъчи
Цу вай сийлахь Элчанна
Тамашина нур делла
-
Малхалал ша къагийна
Батталал ша хаздина
Ше хазачу нуьрана
Мухьаммад ц1и тилийра

Ворх1е стигларч охлуно
Ахьмад ву хьо ма бохуш
Ворх1е лаьттарч охлуно
Мухьаммад ву ма боху
-
Ялсамалчохь вуьйцу хьо
1абдул-Керим ву бохуш
Хьо возвинчу вай Дала
Хьабибуллах1 ву бохуш
-
Т1акха к1олум кхоьллира
Дала Хьукми-Къадир яздайта
Цу к1олумег вист хилла
Везчу Дала элира
-
Х1ай к1олум ахь яздехьа
Лаилах1а Иллаллах1
Цунна хуттуш яздехьа
Мухьаммад-Расулуллах1

Еще песни Сайд-Хьусен

0:00 0:00

Заголовок проигрывателя Подзаголовок проигрывателя

(режим воспроизведения)